Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац. Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас». Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла. Векалийн а, пайхамарийн а бух тІехь хьалахІиттийна ду шу. Ткъа Дала леррина къобалвина волу Іийса Ша са болу коьрта тІулг бу.
Выбор основного перевода