Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хІуманаш дага а ма леца, дІадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама.
Выбор основного перевода