Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьекъалчаш дІабахча, Юсупна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагІатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дІагІо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Іе, хІунда аьлча ХІарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гІерташ а ву». Ткъа Делан цІенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хІунда аьлча и кхечу къаьмнашна дІаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гІала хьоьшур ю. Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тІедеача тІеюхуш йолу бедарш тІе а юьйхина, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дІакхайкхор бу цара».
Выбор основного перевода