Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. И бераш дилханах а, даьІахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Іожаллина тІехь ницкъ болу иблис эшорхьама а, Шаьш лан дезар долчу цхьана а хІуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТІаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дІадовллалц тешаш хилалаш, тІаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду. Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.
Выбор основного перевода