Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тІемаш тІехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. Амма Везачу Эле хьоьжуш болчара шайн ницкъ карлабоккху. Аьрзунан тІемаш шайн хилча санна, уьш лакхахь оьхуш хир бу. Бевдча а, уьш хІуттур бац, новкъа дІабахача а, уьш кІадлур бац. Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. Цигара ара а яьккхина, аса цунна юхалур ю цуьнан долахь хилла йолу кемсийн бошмаш. Сингаттамца йоьзна йолу Іахур-тогІех сатийсаран неІ дІахІоттор ю Аса. Цигахь эшарш лоькхур ю цо, шен къоналлин деношкахь санна, иза Мисар-махкара арайолучу хенахь». Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.
Выбор основного перевода