Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. Хьалхарчу малико турба лекхча, цІийх дІаийна йолу къора а, цІе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгІачу декъах цІе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгІа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира. ДоьалгІачу малико а турба лекхира. Цул тІаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгІа дакъа дІахьулделира. Цундела церан кхоалгІа дакъош кхоьлина дІахІиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгІа дакъа, серло ца луш а хилла, дІахІоьттира.
Выбор основного перевода