Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Парси-пачхьалкхана тІехь олалла деш волу жинийн эла ткъе цхьана дийнахь суна дуьхьало еш лаьттира. Ткъа коьртачу эла-маликех цхьаъ долу Микаал-малик суна гІо дан деара, со Парси-мехкан паччахьна уллохь хьевелла дела. Цо элира: «Хаьий хьуна, хІунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тІехь дІаяздина дерг хьоьга дІахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хІинца Парси-мехкан элаца тІом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тІаьхьа грекахойн элан рагІ кхочур ю. Цу тІе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гІо дийр долуш. Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Іоттар еш бехке хІума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таІзар дойла хьуна». Шех иблис а, Делан мостагІа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зІенашца дІабихкира малико.
Выбор основного перевода