Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гІожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегІа санна». Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кІант вина. Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Суна Дала леррина Къобалвинчуьнца волу цхьа стаг вевза. Дейтта шо хьалха, (дегІаца я синца ваьккхина ца хаьа суна, иза Далла бен хуур дац) и стаг кхоалгІачу стигала хьалаваьккхина хилла. Толам а боккхуш, Сан гІуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра, ‘кхечу къаьмнех болчарна тІехь олалла дан бакъо лур ю Ас. Цо аьчка гІожаца царна тІехь олалла дийр ду, кхийра пхьегІаш санна, отур а бу уьш’. Цунна лур бу Ас Іуьйренан седа.
Выбор основного перевода