Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалш сакъералойша! Латта, даккхийде! ХІордо а, цунна чохь мел долчу хІумано а гІовгІа е! Хазахетарца, яккхийъейша, стигалаш, хІунда аьлча Везачу Эло дина иза! Хазахетаран гІовгІа яккхийша, лаьттан бухахь йолу меттигаш! Хазахетарца декийша, лаьмнаш, хьаннаш, церан дерриг а дитташ! Якъубан тІаьхье Везачу Эло паргІатъяьккхина ю, Исраилан халкъана юкъахь Шен сийлалла гойту Цо. Йоккхаехьа, стигал! Самукъадаьлла хилахьа, латта! Хазахетаран илли декадейша, лаьмнаш! Везачу Эло Шен халкъан дог оьцу, Цо къинхетам бо гІело хьоьгучу Шен къомах. КІант, тІевогІучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Іийсас жине арадала аьлла омра а дина, кІант туо а вина, дега дІавелира. Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тІедехкина гІуллакхаш. ТІейогІуш буьйса ю, тІаккха цхьаьнгге а хІумма а далур дац. Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш. Со дІахьаьжча, стигална юккъехула тІемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»
Выбор основного перевода