Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берах йолчу зудчо, бер хуьлу хан тІе а кхаьчна, лазарша ша хьийзош, мохь хьоькхуш санна, дара тхо Хьуна хьалха, Веза Эла. Беро хьийза а яле, зудчо бер дина, цунна лазарш а хилале, цо кІант вина. Хьанна хезна ишттаниг? Хьанна гина ишттаниг? Цхьана дийнахь пачхьалкх кхоллаеллий? Цхьана сахьтехь къам кхолладеллий? Амма лазарша хьийзо йолаялале, Цийоно шен кІентий бина. Бер дуьнен тІе долу хан тІе а кхачийтина, иза ца хуьлуьйтуш Іийр вуй Со? – боху Везачу Эло. – Я бер дан ницкъ а белла, ненан цІа дІакъовлур дуй Ас?» – боху хьан Везачу Эло. Даккхийдейша Ярушалаймаца, цунах самукъадалий хилийша, иза езаш долу шу массо а! Даккхийдейша цуьнца хІинца шу массо а, цунах доьлхуш хилларш! Цийонан йоІ, холчу хІотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хІунда аьлча хьо хІинца, гІалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТІаккха хьо Бавел-гІала кхочур ю. Хьо цигахь кІелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагІийн мехах карара паргІатйоккхур ю. Сан бераш! Бер дуьненна чу долуш ненан хуьлу лазарш санна, сан юха а хуьлу-кх и лазам шу бахьанехь. Иза иштта хир а ду, Дала леррина Къобалвинчун вастехь шу хиллалц.
Выбор основного перевода