Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Цу маІо Веза Воккхачу Делан нахаца тІом беш а, царна тІехь толам боккхуш а гира суна, Церан тешар хиларна, Дала хастийна хьалхалерчу заманахь баьхнарш. Делан КІантах тешаш волчун и тоьшалла даг чохь ду. Ткъа ша Делах цатешачо Дела аьшпаш буттург во, хІунда аьлча иза Дала Шен КІантах аьллачух ца теша. Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Іийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дІасадаржорна а, Іийсах тоьшалла дарна а, таІзар а деш, Патмас цІе йолчу гІайренна тІе вахийтинера со.
Выбор основного перевода