Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?» ТІаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХІан-хІа, лийр дац шу, ТІаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеІалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХІинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тІехь, чан а юуш. Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Іинан бухе кхаьчна. Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тІе кхерам тийсинарг, гІаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цІа ца хецнарг?“ Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Іохкуш бу, хІора а шен къубба чохь Іуьллуш ву. Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Іоьттинчарна а, Іинан тІулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Іуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. Везачу Эло элира шайтІане: «Ва шайтІа! Везачу Эло дистхилар доьхкийла хьуна! Ярушалайм-гІала хаьржинчу Везачу Эло доьхкийла хьуна! ЦІерана юкъара схьакхоьссина йолу яьгна дечиг-м яц те и стаг?» Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. ХІинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дІаэккхор ву хІинца. цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. Амма со кхоьру, шен хІилланца лаьхьано Іехийна йолу Хьава санна, Дала леррина Къобалвинчунна догцІена а, даггара а тешаме хиларх мухха а шун хьекъалш ледийр дуй те аьлла. Собаре а, сема а хила! Шун мостагІа, иблис, ду, гІигІ ден лом санна, цхьаъ дІакхалла гІерташ даьлла лелаш.
Выбор основного перевода