Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар? Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу. Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву». Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. Везачу Эло элира: «Ва ШамІа! Иблис шу, кІа санна, дІасакхийсина хила лууш ду, Мила ваьхьар ву Дала хаьржинчарна дуьхьал вала? Цхьа а вац-кх! Дала бакъбеш ма бу уьш. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода