Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
мостагІий тІелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь, хІун хилла хир дара те вайх? Шаьш дарбеллачу хенахь мостагІаша вай дийна доллушехь дІакхоллур дара-кх. Дистина тІедогІучу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай. Карзахдаьлла долчу хино санна, бухадохуьйтур дара-кх цара вай». Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. ЯхІуд-махкахула дІа а дахана, иза хьала а буьзна, лаккха хьаладер ду иза, лога кІел кхаччалц. Іимануал, Хьан латта мел ду дІасадаьржар ду иза, дІасадахийтинчу тІемашца санна!» Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тІехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дІахьулдийр ду, цу тІера ерриг а гІаланаш а, царна чуьра бахархой а хІаллакбийр бу“.
Выбор основного перевода