Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана дийнахь, Галилай-Іам йистехула дІавоьдуш, Іийсана ши ваша гира: ШамІий, тІаьхьо Кипа аьлла цІе тиллина волу, Іандаррий. Уьш чІерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чІерий лоьцу бой тосуш воллура. «Суна тІаьхьахІитта, – элира цаьрга Іийсас, – ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. Уьш дІабоьлхуш, Зевадин ши кІант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Іийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чІерий лоцу бойнаш тоеш. Іийсас уьш а кхайкхина тІебалийра. Уьш, шайн да а, хинкема а дитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. Амма Іийсас цуьнга элира: «ТІаьхьахІотта Суна, белларш беллачарна бита». ШолгІачу дийнахь Іийсана Галилай-махка ваха лиира. Іийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тІаьхьахІотта». Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо».
Выбор основного перевода