Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагІа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Іаш, цунна хьалхара гІуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагІа чувогІуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хІинца кхочушхилла. Цкъа уьш Везачу Элана гІуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гІуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла. Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. Іийсах тешачийн хІора тобанехь тхьамданаш а хІиттийна, марханаш а кхобуш, доІанашца уьш тешначу Везачу Элан кара белира векалша.
Выбор основного перевода