Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гІуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а». Адамаш чІогІа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьІапхой тобелча, астагІа берш, шерра ког а боккхуш, дІабоьлхуш гича, бІаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара. Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира. Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. Дерриг иза гиначу тІеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!» Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу. Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дІахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хІун таІзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. Оцу дерригене а ладоьгІча, церан дуьхьал ала хІумма а дацара. Цара Далла хастам бора: «Дала кхечу къаьмнех болчарна а некъ белла Шена тІеберза, Шеца дахар хилийта». Дийцинарг а хезна, Далла хастам а бина, цара элира ПахІале: «Ваша, хьуна дуккха а эзарнаш Іийсах тешна жуьгтий хилар гуш ду. Уьш массо а товратан хьехамаш ларбеш а бу.
Выбор основного перевода