Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунна тІе веара чкъураца ца йоьрзу цамгар йолу цхьа стаг. Іийсана хьалха гора а хІоьттина, цо дийхира: «Эла! Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». Куьг дІа а кховдийна, цунах дІа а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» Цу сохьта и стаг цамгарх товелира. Цигахь башха тамашийна хІума ца даделира Іийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тІе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІабиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира. ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.
Выбор основного перевода