Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йоьлхуш, Цунна тІееара цигахь Іаш йолу канаІанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КІант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоІ». Іийсай, Цуьнан мурдашший Ерихон-гІалара дІабоьлхучу хенахь, царна тІаьхьа лелаш адамийн тобанаш яра. Некъа йистехь хиъна Іаш волу бІаьрзе ши стаг, Іийса уллохула тІехволуш шайна хаавелча, мохь а тухуш, вистхилира: «Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, Даудан КІант!» Тобанна юкъара нах, гІовгІа ма е а бохуш, вуьш чехо хІоьттича, цара кхин а чІогІа мохь хьаькхира: «Веза Эла! Даудан КІант! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла. Назартхо Іийса вогІуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Іийса, Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох». Дукхахболчара иза чехавора, гІовгІа ма е а бохуш, амма и кхин а чІогІа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. ТІаккха бІаьрзечо мохь хьаькхира: «Даудан кІант Іийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла. Хьалха богІучу наха чехавора иза, гІовгІа ма е бохуш. Амма цо кхин а чІогІа мохь беттара: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
Выбор основного перевода