Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. Царах къа а хетта, Іийсас церан бІаьргех куьг Іоьттира. Церан бІаьрса цу сохьта схьадеара. И ши стаг Цунна тІаьхьахІоьттира. Іийсас тІеман хьаькаме элира: «Вало, дІагІо, хьо тешаш дерг кхочушхуьлийла». Цо и оллушехь, хьаькаман ялхо товелира. ТІаккха Іийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чІогІа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоІ тоелира.
Выбор основного перевода