Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Эла! ЦІахь, энаша дІа а лаьцна, чІогІа могуш воцуш Іуьллуш ялхо ву-кх сан». Іийсас, юха а вирзина, и зуда Шена гича, элира: «Доьналла долуш хила, Сан йоІ! Хьан тешаро тойина хьо!» И зуда цу сохьта тоелира. хІунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чІогІа кхера а белира. Цу сохьта Іийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» Іийсас, саца а сецна, иза Шена тІекхайкхийтира. БІаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тІевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш. Іийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина». И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь. Буьйсанна ПахІална хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧІагІлолахь, ПахІал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».
Выбор основного перевода