Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цуьнан бІаьрг кхийтира Маттай цІе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Іаш вара. Іийсас элира: «Суна тІаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьхьа дІавахара. ТІаккха Іийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чІогІа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоІ тоелира. Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза. Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша». ТІаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагІатта, дІавало. Хьан тешаро цамгарх кІелхьарваьккхи хьо». Іийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Іийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цІаро тешарехь чІагІвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Іийсас кхунна деллачу тешаро товина хІара стаг, шуна ма-гарра.
Выбор основного перевода