Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мелхо а, вовшашна дуьхьал зулам дар шайн даг чу ма тасийталаш, ткъа дуй баарца харц тоьшалла дар шайна ма дезийталаш, хІунда аьлча и дерриг а Суна ца дезарг ду“», – боху Везачу Эло. Іийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хІора гІала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. Іийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дІа а хІоттийна, Амма церан ойланаш хуучу Іийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.
Выбор основного перевода