Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цІеношкахь Іамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора. Іийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дІалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса. Іийса чІогІа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТІаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза. Оцу хенахь Іийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бІаьрзечарна бІаьрса а лора. ГІаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Іийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо.
Выбор основного перевода