Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Іийсана тІе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бІаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Іийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бІаьрса схьа а деана, дІахІоьттира. Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дІалелхадо церан эла волчу БаІал-Зебула-жинан гІоьнца». Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дІа а бастабелла, цІенна хабар дийца а волавелира иза. Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кІант валийна аса Хьуна тІе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. ТІаккха Іийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тІаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера.
Выбор основного перевода