Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Амма цхьа а стаг къийса ма ло, цхьаммо а важа Іора ма ваккха, хІунда аьлча хьан халкъ динан дайшца къийсалуш берш санна ма ду. «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Делан Йозанна тІера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. «Варелаш, цхьанна а цу лахара болчарна вас ма елаш. Аса тоьшалла до шуна, церан маликашна стигалахь волчу Сан Ден юьхь го аьлла. «Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен чу веана къинош летийнарш кІелхьарбахархьама». И дош бакъ а ду, цунах цхьа а тайпана шеко йоцуш теша а деза вай. Къинош летийначарна юкъахь со массарал а хьалхара ву.
Выбор основного перевода