Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярми-ЯхІус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош: „Хьан ден вешин Шалуман кІант Хьанамиал хьо волчу вогІуш ву хьоьга дІаала: ‘Соьгара Іанатот-гІалахь долу сан кха хьайна дІаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“». Сан ден вешин кІанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Іанатот-гІалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дІаэца, хІунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дІаэца». ТІаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла. Аса Іанатот-гІалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхІитта шекхал дети а делира. Ас иштта элира цаьрга: «Шайна тамехь делахь, сан алапа суна схьало, нагахь санна дацахь – ма ло». ТІаккха цара алапина лерина долу ткъе итт дети ахча делира суна. Везачу Эло соьга элира: «Уьш пхьерана дІало – иза Сох хІоттийна болу лаккхара мах бу!» И ткъе итт дети ахча, схьа а эцна, ас Везачу Элан цІийнан пхьерана дІаделира. «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
Выбор основного перевода