Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кІентан нана а яра. Далла лерина долу шоьтан де дІадаьлча, кІирандийнахь, сатоссуш, Магдалера Марем а, важа Марем а къуббане хьажа еара. Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дІа мичахьа вуллу хьоьжуш яра. Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. Іийса дІатоьхначу жІарана уллохь лаьтташ бара Іийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а.
Выбор основного перевода