Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла дина ваІда такхархьама, цІуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цІуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цІа чу ма далаш, хІунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета. хІунда аьлча Суна хууш ду аша мел дукха зуламаш дина, мел деза ду шун къинош. Шу бакъволчун мостагІий ду. Кхаьънаш а ийдеш, мискачеран гІуллакхаш галдоху аша кхел ечохь. Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а. Шалхалла шайца ерш! Ялташ чудерзочу хенахь Іаждарбецан, цицан, оччаман уьтталгІа дакъа аша сагІина дІало, ткъа товрат-хьехамашкахь уггар чІогІа лоруш дерш – нийсо, къинхетам, тешаме хилар – шуна дицделла. Хьо цхьа хІуманаш лардеш волчу хенахь важа дицдан ца деза. Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагІина чутосучу ахчанан тидам беш вара Іийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура.
Выбор основного перевода