Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьІаьржачу хІиттош хилар а. Сан берриг а мостагІий Хьуна хьалха бу. Нах ца баьшна а, наха дІатесна а вара Иза. Лазарш хааделла а, эгІазаллаш евзина а стаг вара Иза. Шена тІера юьхь дІаерзаечу стагах санна, Цунах даша а ца даьшна, вай Цуьнан хама а ца бинера. Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо». Іийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дІахІоьттира. Цо Іийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Іийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза». Іийсан коьрта тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара ву Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХІара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дІавала лаьий шуна?» – аьлла. Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хІун дан лаьа шуна ас?» Цул тІаьхьа, Іийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тІехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. «Хьо кІелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла. Іийсана тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла. Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хІума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргІатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хІара жуьгтийн къоман Паччахь дІахеца лаьий шуна?» Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара. Пулата, дечиган уьнан юьхкана тІе йоза а яздина, иза жІаран бІогІам тІе дІатохийтира. Цу тІехь яздина дара: «Назартера Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь». Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».
Выбор основного перевода