Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Иза хийрачу къаьмнийн нахе сийсазваккхийта дІалур ву. Цара Иза жІарах дІатухур ву. КхозлагІчу дийнахь Иза денвийр ву». ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дІа а эций, шайн Іедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо». Иза хилира Іийсас Шен валар муха хир ду дІахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Іийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дІа а къаьстина, цо Иза дІахеца сацам биннашехь а.
Выбор основного перевода