Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эццахь чІогІа мохк бегийра, хІунда аьлча Везачу Элан малик, стигалара охьа а доьссина, къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІа а карчийна, цунна тІе охьахиира. Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неІарера тІулг хьан дІабоккхур бу те вайна?» – бохуш. Ткъа дІахьаьжча, тІулг дІакарчийна гира зударшна. И тІулг чІогІа боккха бара. Къуббанна тІетовжийна тІулг дІакарчийна карийра царна. Ткъа кІирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тІулг дІакарчийна гира Маремана.
Выбор основного перевода