Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо». Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Іийсан коьрта тІе диллира, аьтту куьйга Іаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хІиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» Іийсан коьрта тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара ву Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь» – аьлла. Цу дешнаша ХІара стенна бехке веш ву билгалдоккхура. Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дІавала лаьий шуна?» – аьлла. Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хІун дан лаьа шуна ас?» Цул тІаьхьа, Іийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тІехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. «Хьо кІелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла. Іийсана тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла. Цул тІаьхьа, Іийсана тІе а хІуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха цара Цуьнан юьхь тІе еттара. Пулата, дечиган уьнан юьхкана тІе йоза а яздина, иза жІаран бІогІам тІе дІатохийтира. Цу тІехь яздина дара: «Назартера Іийса, жуьгтийн къоман Паччахь». Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“». Понти Пулатана хьалха Дала леррина къобалвинчу Іийсас а дира хаза тоьшалла. Цунна хьалха а, массо а хІуманна дахар луш волчу Далла хьалха а ас хьуна хІара тІедуьллу:
Выбор основного перевода