Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира. Іийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тІехь велла карийна иза, даьттІачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.
Выбор основного перевода