Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веллачун юххехь йолчу оцу гІалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогІи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тІехула а лоцуш. Цара, дІа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Іанийна дац хІара цІий, тхан бІаьргашна гина хІума а дац хІара. Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргІатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дІадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цІий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТІаккха цІий Іаноран къа царна тІера дІадаьккхина хир ду. Иштта дІадаккха бехк боцучун цІий шайна тІера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела». Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дІагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Іибадат дечу меттигна го боккхуш, Амма цара элира: «Дезачу дийнахь дан мегар дац иза, адам карзах ца далийта». Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна». Пулат мехкан кхеташонехь Іаш волчу хенахь цуьнга шен хІусамненера хабар кхечира: «Цу Делан лаамехь волчунна кхел ечуьра юьстахвалахьара хьо, хІунда аьлча дІаяханчу буса аса Иза бахьана долуш гІенах чІогІа бала хьийгира», – аьлла. Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду». Цундела ас тахана дІахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кІелхьара ца валахь,
Выбор основного перевода