Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал.
Выбор основного перевода