Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХІародан адамашца барт бан буьйлабелира, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара те бохуш. Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса.
Выбор основного перевода