Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иблисо, Цунна тІе а дахана, элира: «Хьо Делан КІант велахь, хьуьлла Іохкуш долчу тІулгашна тІедожаде, бепиг хила алий». «Хьо Делан КІант велахь, – элира цо, – кхузара чукхоссало. Яздина ма ду: „Везачу Эло Шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду“. Кхин а яздина ду: „Цара куьйгаш тІехь дІахьур ву хьо, хьан ког тІулгах а ца тасаболуьйтуш“». Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хІара Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дІахІоттор ду“, – аьлла». Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КІант велахь, хІокху тІулге бепиг хила ала». Иблисо Іийса Ярушалайме а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла. ТІаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХІара Делан цІа шовзткъе ялх шарахь дина дІахІоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дІахІоттор ду иза?» Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“».
Выбор основного перевода