Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Цкъа парушхоша хаьттира Іийсага: «Делан Олаллин де тІе маца кхочур ду?» – аьлла. Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догІур дац Делан Олалла. Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДІогахь ду“, хІунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду». Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара. Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама.
Выбор основного перевода