Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма бакъдерг аьлча, Делан Іойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІоттийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву». Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву».
Выбор основного перевода