Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гІалара хьал Седамеххьий, Іамор-гІалаххьий чул инзаре хир ду». Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Мотт а цІе ю. Иза дегІан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегІ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цІарах хьалалеташ бу иза. Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неІалт а олу вай. Шайн багара цхьа а оьзда доцу дош ма далийта. Ткъа олу дош диканиг хилийта, оьшшучу хенахь кхиберш иракара а хІиттош, ладугІуш болчарна тамехь а долуш. Иштта маьттаза къамелаш а, эрна хабарш а, эргІада дийцар а ма хилийта. Мелхо а, Далла баркалла алар гІоле ду шуна.
Выбор основного перевода