Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла. ТІаккха Іийсас хаьттира Іеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?» Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гІайба дІабаккха а бакъо ма яц хьан». Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла?
Выбор основного перевода