Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. Цу дийнахь Іийса, цІа чуьра ара а ваьлла, Іоман йисте охьахиира. Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хІордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира. Іийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хІуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира. Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бІе, кхузткъа, ткъе уьттазза дІадийначул сов а луш. Лергаш долчунна хІара хезийла!» Іийсан мурдаша, Цунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хІунда дуьйцу Ахьа нахе?» Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ Ткъа шу декъалдина ду, хІунда аьлча шун бІаьргашна го, лергашна хеза. Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна». «Ткъа хІинца ладогІал хІу дІадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьІне. Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тІедогІу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХІара ду некъан йисте охьаэгна долчу хІуьнан маьІна. ТІулгийн жагІанна юккъе доьжна долчу хІуьнан маьІна, хІора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тІеоьцуш волу стаг ву. Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тІехІоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу. Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хІу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бІозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дІадийначул сов хІу ло». Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. Ткъа иза шен ялхошца вижина Іуьллучу хенахь кхуьнан мостагІа веана. Иза, кІена юккъе асаран буц а йийна, дІавахана. КІа, тІе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хІу дІа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кІена юккъе?“ Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагІчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гІой, схьаяккхий и буц?“ „ХІан-хІа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кІен кенаш схьадохийла. Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“». Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дІадийначу уггар жимачу хІух тера ду. Иза кхечу хІун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тІе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш». Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Іийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна». И шадерг а Іийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна. Цу тІехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш». Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа». Іийсас цаьрга элира: «Дика хІу дІадийнарг – Иза Адамийн КІант ву. Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу. И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла». «Стигалийн Олалла аренгахь дІайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дІаюллу. Дукха гІадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дІа а бухкий, и аре схьаоьцу. Стигалийн Олалла мехала жовхІарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду. Шена къаьсттина мехала долу жовхІар карийча, цо ша да мел волу хІума дІа а духкий, иза шен дола доккху. Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха. Бой юьзначул тІаьхьа, чІерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тІаьхьа цара, охьа а ховший, дика чІерий дІахоржу, ткъа вуьш дІакхуьссу. Иштта хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дІа а къастийна, йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду». ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь». Шу Сан доттагІий ду, нагахь аша Ас тІедиллина гІуллакх кхочушдахь. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Цундела хІинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хІинца оха иштта кхин ца лору Иза. Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.
Выбор основного перевода