Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нуб-гІалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хІунда ву? Хьоьца цхьа а хІунда вац?» Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гІуллакх тІедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хІунда вахийтина ву а, аса хьайна тІедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. Ткъа хІинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кІелахь йолу яа хІума яла еза». Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо». Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама». Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цІа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла.
Выбор основного перевода