Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу! Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!» ДІахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гІайба схьа а эцна, дІаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? Ткъа Іийсас, поппар а бина, бІаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара.
Выбор основного перевода