Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн КІантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. Вай, бакъдолчух дерг а хиъна, къинош ма-луъу летош хилча, къинах даккха сагІа кхин ма ца дуьсу вайн. Нагахь цхьанна шен динан вашас валарна доцу къа латош гуш делахь, тІаккха цо доІа дан деза. Ткъа Дала дахар лур ду цунна. Аса бохурш валаре далош доцу къинош ду. Амма къиношна юкъахь валаре далош долу къа а ду, цунна тІера деха ца боху аса.
Выбор основного перевода