Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийса цигара дІавоьдучу хенахь Цунна тІаьхьавогІуш вара бІаьрзе ши стаг. Цара, кест-кеста мохь тухуш, олура: «Къинхетам бехьа тхох, Даудан КІант!» Йоьлхуш, Цунна тІееара цигахь Іаш йолу канаІанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КІант! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоІ». Цунна хьалха а, тІехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КІантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цІарах вогІуш Верг! ХІашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!» «Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?»
Выбор основного перевода