Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шеба-махкахь йолчу зуда-паччахьна а хезира Везачу Элан сийлаллина хилла долу Сулим-паччахьан цІе яхар. И зуда-паччахь Сулим-паччахьна тІееара, иза чолхечу хаттаршца зерхьама. Шеба-мехкан зуда-паччахь Ярушалайм-гІала еара, шеца йоккха ковра а ялош. Оцу эмкалшна тІехь доьттина дахьаш дара хаза хьожа йогІучу бецех дина хьакхарш а, дуккха деши а, деза тІулгаш а. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, Сулим-паччахье жоп ца далалуш. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулим-паччахьан хьекъал хилар а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш болу меттиг а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, цо дІахІотто чагІар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, чІогІа инзаръяьллера иза. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма со тешар яцара цунах, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІинца суна го, сайна гинчух ах а дийцина ца хиллийла соьга. Хьан хьекъал а, хьан хьал а соьга дийцинчул дуккха а сов ду. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш. Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьо Исраилан халкъан паччахь ван лиъна волу. Исраилан халкъе Шен гуттаренна а болу безам хиларна Везачу Эло хьох паччахь вина, хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». ТІаккха цо Сулим-паччахьна цхьа бІе ткъа гали деши а, дуккха хаза хьожа йогІучу бецийн хьакхарш а, деза тІулгаш а делира. Шеба-мехкан паччахьо елла хаза хьожа йогІу хІуманаш, Исраил-махка хьалха мел еанчарел, дуккха а сов яра. Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цІе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тІехь доьттина деана хаза хьожа йогІучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тІулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо. Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш. Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цІа а. Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Іаш йолу хІусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагІардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цІийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагІанаш а. И дерриг а шена гича, иза чІогІа инзаръяьллера. Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гІуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла. Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бІаьргашна иза галлалц. ХІаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду. Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хІора денна хьуна гІуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу! Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гІанта тІе, Шен цІарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чІагІдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хІоттийна, цу халкъана тІехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а». Сулим-паччахьна ши бІе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогІучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тІулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогІу хІуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера. Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цІен дечиг а, деза тІулгаш а деанера. Оцу цІечу дечигах Везачу Элан цІенна а, паччахьан цІенна а тІейоьду тІегІанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхІуд-махкахь хІетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг. Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тІаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира. Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цІийнал дуккха а лакхара ву.
Выбор основного перевода