Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Парушхой а, садукъой а баьхкира Іийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. Цигахь парушхой, тІе а баьхкина, Іийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Іийсага, Иза зерхьама. Доккха са а даьккхина, Іийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хІунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а». Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Іийсага: «Иштта хІума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хІун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?» ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийначу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь? Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла,
Выбор основного перевода