Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КІант гур ву, Шен Олаллица схьавогІуш волу!» Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугІуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тІехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду. Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цІе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира. Тешар хиларна, валар хІун ду ца хууш, стигала хьалаваьккхина ХІанох: «...иза ца карийра, Дала иза дІаэцна дела». ХІанох дІаэцале, Дела цунна реза ву аьлла, тоьшалла до Делан Йозанаша.
Выбор основного перевода